1 | 2 | 3


 

ЧОЬХЬАРА НАХ


ЦХЬА СТАГ шен стунцахой болчу вахана хилла. Ламаз хан т1е ма кхаьччинехь, маьнги т1е ламаз дан х1оьттина иза. Цу хенахь ц1енкъа юккъе текх а диллина, бод хьакхош, юучу х1умана г1айг1а беш стуннана хилла.
- Оллох1у акбар, - аьлла, охьатаь1аш воллу нуц, пенах д1а а кхетта, гал а ваьлла, ц1енкъарчу текха чу кхетта.
Т1аккха сихха хьала а г1аьттина, шен дукха юьхь1аьржа х1оьттиначу невцо элира боху стуннене:
- Дика ду-кха х1оккхехь хийра нах ца хилла.

 

ДОХК


Чечана хьошалг1а а веана, ц1а ваха ваьлла цхьа г1ойт1архо. Дохк деана 1уьйре хилла, цундела иза некъах тилла.
Д1аоьхуш, керт еш воллучу цхьана чечанхочунна т1екхаьчна иза.
Салам а делла, г1ойт1архочо шена Г1ойт1а боьду некъ гайтахьара аьлла.
Чечанхочо дийцина: лакха д1а а вахана, аьрру aгlop д1а мa-хьевззина бу хьуна и некъ аьлла. Г1ойт1архочо шена и карор бац, ван а волий, айхьа гайтахьара суна и некъ аьлла дехна цуьнга. "Доккха х1ума ду-кх шега дуьйцучух ца кхетар" - бохуш, г1ам-г1им а деш, хьалха а ваьлла, некъ гайта веана чечанхо.
Жимма д1авахча, юха а вирзина, чечанхочо хаьттина, вайшиъ мичахь ву аьлла. Г1ойт1архочунна хууш ца хилла. Д1аоьху-уш, пхьоьхана т1е кхаьчна xlapa шиъ. Салам а делла, чечанхо т1евеъча, царна юккъера цхьаммо аьлла: "Ва дада, ахь х1ун леладо?" (Иза цуьнан вешин к1ант хилла).
Шен куьг к1ентан кара а делла чечанхочо, шен зудчунан ц1е а яьккхина, и шен куьг кхин д1а ца хоьцуш, шен зудчунга д1алохьа со аьлла. К1анта хаьттина: "Ткъа хьешана х1ун до вайша?".
Юха а хьаьжна, чечанхочо аьлла: "Варийлахь, хьо волчуьра меттах ма валалахь, дуьненчуьра т1ап-аьлла вовр ву хьо".

 

АМАЛ


Йоккхачу Атаг1ара пондар локхучу Г1ачас ткъе цхьаъ зуда ялийна хилла. Т1аьххьара ша ткъе цхьаллаг1а зуда ялийча цо аьлла шен зудчуьнга:
- Со зуда атта д1айог1ийтуш ву хьуна, ас аьлларг делахь. Вайга хьеший баьхкича, со хьайга хьаьжча, царна юург яла езийла хаалахь.
Дикка ла а доьг1на, зудчо аьлла:
- Ас корта ластийча, ас лур йоцийла хаалахь.

 

Д1АВАХА ЦА КХЕТТА ХЬАША


Веана хьаша хилла. Х1усамден зуда ц1ахь ца хилла. Хьешана шена чохь карийннарг хьалха йиллина х1усамдас. Хьаша шина дийне а, кхаа дийне а ваьлла. д1а ца воьдуш.
Чуьра юург чекхъяьлла, д1а-схьа хьаьжчи, кхалла х1ума ца карийна. Зуда ц1ераялале яьккхина лаьтташ ведар шура карийна х1окху шинна. И шура а йиъна чекхъяьккхина. Т1аккха ший а, маьнги т1е а ваьлла, дуьхь-дуьхьала а вирзина. шаьш яьккхина хан дагаоьхуьйтуш, хабаре ваьлла.
Хьешо Шартеса д1адолийна шен къамел:
- Берашна юккъехь осал ца хилар дика г1иллакх дара сан, - аьлла.
- Дера дара, - аьлла, жоп делла х1усамдас Шемале.
- Синкъераме воьдуш цкъа а доттаг1чуьнга маьхьсеш ца ехар а дара сан дика г1иллакх, - аьлла шолг1а а хьешо.
- Дера дара, - аьлла, жоп делла цунна х1усамдас.
Иштта хьаша ша-шен хестош вахвелча, хьеше х1усамдас элира боху:
- Кхин цхьа г1иллакх дика ду хьан, Шартес, д1а ваха а саготту вац хьо, - аьлла.

 

ИРС Я1 ХЬАН


Шайн йиша ловзаргахь хелхаюьйлуш бехк а лаьцна, юьстах ваьлла лаьтташ хилла цуьнан ши ваша.
Цхьа хан яьлча, т1евеанчу жимачу къонахчо аьлла:
- Иза-м д1аяла а ца кхета. Евзий шуна и? - аьлла.
- Ирс я1 хьан, - аьлла вежарех цхьамма, - и йовза-х ца евзий хьуна.

 

ШИ КЪУ


Ши къу хилла набахте чу воьллина: цхьаъ - сахьт лачкъорний, шолг1аниг - етт лачкъорний. Шаьшшиъ лацаран бахьана дийцина цара вовшашна.
Кхано 1аш, еттлачкъийнчо:
- Мас сахьта даьлла вайна? - аьлла, хаьттина.
- Етт узу хан хилла-кх, - жоп делла сахьт лачкъийнчо.

 

ДОГЦ1ЕНАЛЛА


Цхьа стаг хилла базарахь етт бохка вахана. Цхьаммо т1евеана, хаьттина кхуьнга.
- XIapa етт дег1ана ма жима бу хьан?
- Дег1ана белахь а, ханна-м бац хьуна xlapa жима.
- Ой, шура мел ло кхо, шина-кхаа литре йолий?
- Йолу, ахьа гурралц оьзча-м.
- Ткъа базара х1унда балийна ахьа xlapa?
- Вуо болу дела балийна-кх, - аьлла, жоп делла етт болчо.

 

ЖЕРОЧУНЗАБАР


Цхьа ламаро хилла бах охьенца хьошалг1а вахана. Цунна синкъерам бина хилла. И хьовзон ойла хиллачу мехкарийн тхьамда йолчу цхьана жерочо хаьттина бах:
- Ламаро, шу долчохь ч1ург керчий? - аьлла.
- Дера керча-кх, - аьлла, цо и муха хоьтту кхеттачу ламарочо, - цкъа керчича, ворх1 т1екхетча а, саца а ца луш-м.

 

ЮЬХЬ1АЬРЖО


Цхьана несо шен марвешина "Къонах" аьлла ц1е тиллина хилла. Мацца цкъа туькана яханчохь, шен марвешах тар а велла, цхьана стагана т1аьхьа хьаьдда йоьдуш хилла и зуда:
- Ва, Къонах, - бохуш, мохь а бетташ.
Цунна т1аьхьакхиъча, иза кхин стаг хиларх кхетча:
- Вай дела, хьо-м къонах ма вац, - аьлла.
Вукхо хаьттина, вуоха а воьхна:
- Со къонах воцийла хьуна муха хии?
Зудчо жоп делла:
- Юьхьдуьхьал хьаьжча, хиира-кх, - аьлла.

 

ДАКЪАЗАЛЛА


Майра хилла сай-бодий къастале балха ваха везаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхина цо.
- Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. - аьлла.
Шен набарха ца ялалучу зудчо, axl-yxl а дина:
- Эцца хьайна ерг кхалла а кхаллий, д1аг1охьа, - аьлла.
Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шена яа йовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахь аьлла, шена ерг кхалла а кхаьллина, шен балха д1авадана xlapa.
Сарахь мац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла.
Кхуо балха воьдуш яьржжийначохь лаьтташ пхьег1аш а, кхуо охьайиллиначохь лаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохь лаьтташ яйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас ша шега: "Нана яла хьо дуьненан", - аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха "г1ам-г1им" дина, и тосаделлачу зудчо кхуьнга схьа мохь баийтина дехьа чохь йижина йолчу:
- Хьо х1ун деш ву цу чохь, шабар-шибар деш, х1инца а вахана валаза ву хьо? - аьлла.

 

ЯХЬИНА ДИНА ХЬЕХАР


Динан г1уллакхаш башха дика карадог1уш вацахь а, маттана шера а, хьекъална ира а ву аьлла, Махьмина юьртахоша моллалла т1едожийна хилла. Шех тешийна г1уллакх вуно ч1ог1а санехь хилар зеделлачу цо малар а, сигаьрка а йитина. Вовшашца мостаг1алла тасаделлачу нахана юккъехь машар беш, моьлуш, хьаштдоцург лелош верг сийсаза веш, оьшучунна хьехам беш, массеран а дог эцна ваьлла Махьма. Луларчу ярташкара бахархой а хилла xlapa волчу оьхуш. Массарна а дашца а, г1уллакхца а там беш хилла цо. Цундела иза везаш а хилла.
Цхьана дийнахь хьалха цкъа доттаг1алла лелош хилла волу Яхьа веана Махьмина т1е шен цхьа бала бахьаш. Кисанара схьакъеда къаьркъанан шиша а, дукха сов вахочу маларх веттавалар бахьанехь тишъелла юьхь-сибат а, схьаетталун томкин г1иран хьожа а ца езаеллачу Махьмас, декъа салам-маршалла схьа а эцна, деана г1уллакх схьадийца аьлла:
- Вайша хьалха, цкъа зама зама йолуш, дууш-молуш цхьана лелаш хьох х1ума лачкъош вацара со, - аьлла, схьадолийна Яхьас. Амма ша ала г1ертарг схьадийцина ца волуш, дуьнент1е мел долу х1ума юкъаозийна, къамел дахдан волавелла иза...
- Ладог1ал, Яхьа, - сацийна иза Махьмас, - хилларг д1адаьлла, иза карладаха оьшуш а дац. Айса лелийнчунна тоххарехь дохковаьлла со. Цундела цунах лаьцна вайша кхин дийца оьшуш х1ума а дац. Сихха айхьа деана г1уллакх схьадийций вала. Арахь хьоьжуш кхин а нах бу...
- Гой хьуна, доттаг1а, доцца дуьйцур ду аса, х1окху т1аьхьарчу хенахь xlapa дуьне къахьдина суна оцу вайн чуьрачо. Чу моссаза веа, луьйш, хьаштдоцург дуьйцуш. Со дуьхьал вистхуьллушехь, дов хуьлу. Зуда йитина д1а а яхийтина, лела зама а яцара сан, жайна даккхахьара ахьа цунна, толур яцара техьа иза.
- Иза-м хала, хьо ваха, дацара, - аьлла, къоламмий, кехаттий схьа а эцна, охьахиъначу Махьмас оццу минотехь яз а дина, кхо маь1иг еш хьарча а дина, д1аделла жайна Яхье.
- Х1окху жайно хийланна а г1о дина хьуна. Х1ун ю кхуьнан ц1е? Х1аъ, Хьулимат лен йолаллушехь, xlapa жайна цунна а ца гойтуш, хьайн цергаш юккъе лаца. Цул т1аьхьа а шайн барт иэг1аш меттиг нислахь, суна т1евола.

 

1АД1ИЙНЕХЬ ЦА ХИНДЕРГ


Яхьа хилла цхьана дийнахь пхьоьхана а х1оьттина, шайн ден да ч1ог1а хьал долуш стаг хилла бохуш, дуьйцуш лаьтташ.
- Цуьнан цхьа б1е ахб1е говр, ши б1е етт, пхи эзар уьстаг1 хилла, - аьлла, ч1аг1дина цо.
Массо а кхуо дуьйцург бакъ ца хеташ, гуттар санна, аьшпаш хир бара уьш-м аьлла хеташ, и къамел тидаме а ца оьцуш лаьттачохь, цхьаъ дуьхьал ваьлла, и бежанаш а, говраш а оццул хила тарлора, ткъа пхи эзар уьстаг1 цуьнан хилла хиларх ца теша ша аьлла.
- Ой, ахьа х1ун дуьйцу, - девне ваьлла Яхьа. - Дикка дагардича-м уьш ялх эзар а хир дара...
- Деллахь, доттаг1а, 1ад1ийна велара хьо, цуьнга и эзар уьстаг1 т1е а ца тохуьйтуш, - аьлла, цаьрга ладоьг1уш лаьттачу Махьмас.

 

ХАЛА ХЕТТЕХЬ-М.


Юьртахь жима стаг кхелхина тезет хилла. И тезет д1айирзина цхьа хан яьллачу хенахь, цу юьртара цхьа стаг вахана хилла кхелхинчу жимачу стеган нахе кадам бан. Царех уггаре воккхах верг кхайкхина ара а ваьккхина, цуьнга кадам бина хилла цо:
- Мукъа воцуш виснера со шуна гучу ваза. Вайн ницкъ кхаьчнехьара шуна и бохам хуьлуьйтур а бацара, ч1ог1а хала а хийти и шун вешин к1ант кхелхина, - аьлла.
Xlapa кадам бина ваьлча, кхелхинчу жимчу стеган девашас аьллера:
- Вай, и кхин хьан дай-ваший вийна-м ца лелара и кхелхича, хьуна хала ца хета...

 

РУЗБА


- Ассалом 1алийкум! Рузбане кхача ларор вуй со? - хаьттина ламаз тиллачо, рузба а дина маьждигера ц1а бог1учаьрга.
- Ва 1алийкум солом! Ларор ву дера-кх, хьалха дийнна к1ира а хилча, цу т1е хьо говрахь а хилча-м мухалле а.

 

ДЕХАР


Цхъана стеган доккха ирзу хилла. Цуьнга дехаре баьхкина юьртара баккхий нах, цу ирзу т1ехь юьртан кешнаш дайтахьара аьлла.
- Делахь, аша иштта доьхуш хилча, дойтур ду аса, - аьлла, д1абохуьйтуш хилла цо уьш. Т1аккха баккхий нах гена бовлале т1аьхьа а кхайкхина, бахара, бах, ирзо долчо:
- Деллаша, цу т1ехь баьрзнаш ма делаш, т1е т1улгаш а х1иттош, гота охуш новкъа хирг ду суна уьш.

 

МОЛЛИН CATИЙСАМ


Молла хилла суьлхьанаш хьийзош, багахь "лаилах1-иллалах1" бохуш, шабар-шибар а деш, коре а хиъна, 1аш. Т1ехйолуш цхьа хаза йо1 гина кхунна. Цул т1аьхьа:
- Девиса хьан, дависа хьан, - бохуш, ша х1ун леладо а ца хууш, суьлхьанаш хьийзон волавелла иза.

 

МАХКАХЬ ДОЦУ ХЕЛХАР


Моллин бераш хилла цхьа чехка йоьттучу вотанийн мукъамана чу а боьлла, махкахь доцу хелхар деш. Т1ехволучу стагана гина уьш. Корах чу а хьаьжна, цо аьлла:
- Ой, шу дена хаьий аша лелош дерг?
- Хаа-м хаьа, амма тхуна санна дика-м ца хаьа, - аьлла бераша дуьхьал.

 

ХИЛЛАРГ ХОВШ ВОЛУ "ШАЙХ"


Шайх ву ша бохуш лелаш хилла цхьа стаг.
- Делахь кхана хиндерг дийцал, - аьлла, дехардина цуьнга цхьамма.
- Лама дуьйцур ду ша. - аьлла, "шайх" ву ша бохучо.


 

1 | 2 | 3